aАрадаккхар 28:30; Карлабаьккхинарг 33:8.
bАрадаккхар 9:2; Нахьми-ЯхӀу 11:3.

‏ Nehemiah 7:4-73

Йийсарера юхабирзинчеран цӀераш

(Ӏезар 2:1-70)

4ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара. 5Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:

6«ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина. 7Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна.

ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:
8ПарӀушан тӀаьхьенах берш – ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
9Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш – кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
10Арахьин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);
11Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818);
12Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
13Затун тӀаьхьенах берш – бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845);
14Закайн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);
15Бинуйн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648);
16Бебайн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628);
17ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш – ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322);
18Адуникхаман тӀаьхьенах берш – ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667);
19БигӀвайн тӀаьхьенах берш – ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067);
20Ӏадин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655);
21Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера – везткъе берхӀитта стаг (98);
22Хьашуман тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328);
23Бецайн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе виъ стаг (324);
24Хьарипан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шийтта стаг (112);
25ГавӀонан тӀаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95).
26Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188);
27Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);
28Байт-Ӏазмавтара – шовзткъе шиъ стаг (42);
29Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);
30Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх – ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621);
31Михмасерчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122);
32Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123);
33Набу-гӀаларчу бахархойх – шовзткъе шийтта стаг вара (52);
34Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);
35Хьармин тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъа стаг вара (320);
36Ерихонан бахархойх – кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);
37Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721);
38Саниара болу бахархой – кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930);

39Динан дай: ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах – исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);
40Амиран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);
41Пашихьуран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247);
42Хьармин тӀаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017);

43Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74);

44Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148);

45Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138);

46Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,
47Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а,
48Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а,
49Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,
50Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а,
51Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а,
52Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а,
53Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
54Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,
55Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
56Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.

57Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
58ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
59Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш.

60Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.

61Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 62Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш – ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642).

63Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура). 64И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира. 65 aЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.

66Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара, 67царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара. 68Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а, 69йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.

70Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. 71Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира. 72Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. 73 bИштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира».
Copyright information for CheCAC2012