‏ Numbers 1:1-46

Исраилан халкъ дуьххьара дагардар

1 aМисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀорра а боьршачу стеган цӀе дӀаязъе. 3Ахьа а, АхӀарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тӀеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчеран хьесап де. 4Шайн доьзалехь баьчча волу хӀора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. 5Шуьца хинболчу нехан цӀераш хӀорш ю: Раабанан тӀаьхьенах – Шидауран кӀант Элицур;
6ШимӀин тӀаьхьенах – Цура-Шидин кӀант Шелумиал;
7ЯхӀудан тӀаьхьенах – Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;
8Исраилан тӀаьхьенах – ЦуӀаран кӀант Натунаил;
9Забулан тӀаьхьенах – Хьелонан кӀант Элиаб;
10Юсупан кӀентех: Эпрайман тайпанах волу ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ а, Маннашан тӀаьхьенах волу Падацуран кӀант Гамлиал а;
11Бен-Яманан тӀаьхьенах – ГидӀонин кӀант Авдани;
12Данан тӀаьхьенах – Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар;
13Ашаран тӀаьхьенах – Ӏухранан кӀант ПагӀиал;
14Гадин тӀаьхьенах – ДаӀуалан кӀант Элъясайп;
15Напталан тӀаьхьенах – Ӏайнанан кӀант АхьираӀ».

16Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.

17ЦӀераш яьхна и нах шайца дӀабигира Мусас а, АхӀарона а. 18ШолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дӀагулдира цара. ТӀаккха халкъо цаьрга дӀадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цӀе дӀаязйора, 19Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.

20Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 21Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бӀе стаг вара (46500).

22ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 23ШимӀин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе стаг вара (59300).

24Гадин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 25Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт стаг вара (45650).

26ЯхӀудан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 27ЯхӀудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе стаг вара (74600).

28Иссарханан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 29Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе стаг вара (54400).

30Забулан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 31Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе стаг вара (57400).

32Юсупан кӀант волчу Эпрайман тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 33Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бӀе стаг вара (40500).

34Маннашан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 35Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бӀе стаг вара (32200).

36Бен-Яманан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 37Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе стаг вара (35400).

38Данан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 39Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара (62700).

40Ашаран тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 41Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе стаг вара (41500).

42Напталан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 43Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).

44Уьш бара Мусас а, АхӀарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХӀора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш. 45Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап. 46Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550).
Copyright information for CheCAC2012