‏ Numbers 14:1-35

Исраилхойн резацахилар

1Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ. 2Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! 3Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?» 4Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш.

5Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. 6Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра. 7Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду. 8Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. 9 aАмма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»

10ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха.

Мусас халкъах дехар дар

11Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза? 12Лен ун а кхетийтина, хӀаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цӀийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду».

13 bАмма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, 14тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла. 15Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: 16„Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, – аьлла. 17Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: 18 c„Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц – таӀзар до Везачу Эло“. 19Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».

20Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. 21 dАмма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас, 22Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана, 23Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза. 24Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта. 25Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».

Резацахиларна дина таӀзар

26Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 27«Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. 28ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. 29 eХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш, 30Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург. 31Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду. 32Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. 33 fШун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. 34Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду. 35Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».
Copyright information for CheCAC2012