‏ Numbers 14:20-45

20Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. 21 aАмма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас, 22Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана, 23Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза. 24Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта. 25Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».

Резацахиларна дина таӀзар

26Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 27«Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. 28ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. 29 bХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш, 30Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург. 31Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду. 32Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. 33 cШун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. 34Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду. 35Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».

36Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш. 37И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира. 38Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира.

Лур ду аьлла долу латта дола даккха гӀортар

(Карлабаьккхинарг 1:41-46)

39Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чӀогӀа гӀайгӀане дахана дара. 40Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гӀалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чӀогӀа дохко а девлла. ХӀинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дӀагӀур ду тхо».

41Амма Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллиначуьнга ла хӀунда ца дугӀу аша? ХӀара аша деш дерг эрна ду. 42Ма гӀо цига, шаьш мостагӀашка хӀаллак ма дайта, хӀунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. 43Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хӀунда аьлча шу Везачу Элах дӀадирзина, Иза шуьца хир вац».

44Амма, цуьнга ла а ца доьгӀна, лам тӀе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тӀорказ а. 45Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.
Copyright information for CheCAC2012