Numbers 14:26-35
Резацахиларна дина таӀзар
26Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 27«Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. 28ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. 29 aХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш, 30Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург. 31Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду. 32Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. 33 bШун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. 34Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду. 35Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».
Copyright information for
CheCAC2012