‏ Numbers 15:37-41

Чечакхах лаьцна бакъонаш

37Везачу Эло Мусага элира: 38 a«Исраилан халкъе дӀахьедар де, цара шайн тӀеюхучу хӀуманийн маьӀигашна тӀехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьӀигашна тӀехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тӀекхуьучу тӀаьхьенаша а. 39И чечакхаш шуна дӀагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дӀадерзош болчу шайн дегнийн а, бӀаьргийн а лаамашна тӀаьхьа шу ца хӀиттийтархьама а. 40Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дӀакъастийна хилийтархьама а. 41Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».
Copyright information for CheCAC2012