Numbers 16:1-35
Кхорахь а, Датан а, Абирам а карзахвалар
1Левин тӀаьхьенах волчу КхахӀатан кӀентан Ицхьаран кӀант Кхорахь а, Раабанан тӀаьхьенах волчу Элиабан кӀентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатӀан кӀант Ана а 2Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бӀе шовзткъе итт цӀеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. 3Цара, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хӀунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?» 4Шена и дӀахезча, Муса бертал охьавуьйжира. 5ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву. 6Амма хӀара гӀуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца. 7Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цӀе а латаяй, хаза хьожа йогӀу сегӀаз цу чу дилла. ТӀаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!» 8Кхорахье Мусас элира: «ЛадогӀа соьга, левихой! 9Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дӀа а къастийна, Шена тӀеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гӀуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гӀуллакх дайтархьама а. Иза кӀезиг хета те шуна? 10Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кӀентий болу хьан берриге вежарий а Шена тӀеозийна, ткъа хӀинца динан дайн дарже кхача гӀерташ ма ду шу! 11Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхӀарон мила ву, аша цунна яппарш ян?» 12Элиабан кӀентий Датанний, Абираммий шена тӀебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тӀе догӀур дац тхо! 13Яьссачу арахь хӀаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кӀезиг хета те хьуна? Тхуна тӀехь олалла дан а лаьа хьуна? 14Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бӀаьрса дайа воллу хьо? Ца догӀу тхо хьуна тӀе!» 15Муса чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагӀина лерина дахьачу хӀумане дӀа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера». 16Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дӀахӀитталаш. Хьо а, уьш а, АхӀарон а. 17Аша хӀораммо а, богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаелаш – ши бӀе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхӀарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дӀахӀитто еза». 18ХӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дӀахӀиттира уьш Мусаца а, АхӀаронца а цхьаьна. 19Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дӀахӀиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира. 20Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира: 21«Шу оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар тохале Соьга уьш хӀаллакбайтархьама». 22Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?» 23Везачу Эло Мусага элира: 24«Халкъе дӀаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хӀусамашна гонах йолчу меттера дӀадовла“». 25Муса, хьала а гӀаьттина, Датанна а, Абирамна а тӀевахара, цунна тӀаьххье исраилхойн къаной а бахара. 26Халкъе Мусас элира: «ХӀокху зуламечу нехан четаршна юххера дӀа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хӀуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». 27Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дӀабевлира. Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кӀенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара. 28Мусас элира: «ХӀинца хӀокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: 29нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. 30Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла». 31Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира. 32Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира. 33Шайн долахь мел хиллачу хӀуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дӀахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хӀаллак а хилла, дӀабевлира уьш. 34Царна гонах хилла болу исраилхой, хӀокхара маьхьарий хьаькхча, дӀабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дӀа ма кхоллийла!» – бохуш. 35Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.
Copyright information for
CheCAC2012