Numbers 16:41-49
АхӀарона халкъехьа гӀо даккхар
41ШолгӀачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхӀаронна а реза доцуш дӀахӀоьттира. Цара бохура: «Аша хӀаллакдина Везачу Элан халкъ». 42Мусана а, АхӀаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агӀор дӀабирзича, царна гира четарна тӀехула дӀахӀоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 43Муса а, АхӀарон а гуламан четарна нийсса хьалха агӀор тӀевахара. 44Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 45«ДӀа а хилий, оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар а тохале Соьга иза хӀаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира. 46Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». 47Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхӀарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а дагош, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдора АхӀарона. 48АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира – цамгаран ун сецира. 49Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара.
Copyright information for
CheCAC2012