‏ Numbers 17:8-10

8 aШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо. 9Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира. 10Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».
Copyright information for CheCAC2012