Numbers 18:2-6
2Иштта хьан дайн тӀаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кӀенташна а гӀо дайтархьама. 3Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кӀел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цӀа чохь йолчу цхьана а хӀуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. 4Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гӀуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тӀе а ма ваийта. 5Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама. 6Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгӀат санна, уьш хьан кара дӀабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх кхочушдайтархьама.
Copyright information for
CheCAC2012