Numbers 18:21-24
21 aХалкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна. 22ХӀинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. 23Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, 24хӀунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дӀалуш долу уьтталгӀа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“».
Copyright information for
CheCAC2012