Numbers 18:8-19
Динан дайшна кхачош долу дакъа
8Везачу Эло АхӀароне элира: «Аса-Айса хьан кара дӀаделла Суна лерина деана совгӀаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хӀуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кӀенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дӀало. 9Халкъо Суна сагӀина лерина еанчу уггар езачу хӀуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагӀина мел деанчух – кӀен а, я къинан а, я къера хиларан а сагӀина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кӀенташна а кхачош дерг ду. 10Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагӀина лерина деанарг деза хӀума хилар. 11Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза. 12Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало. 13Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цӀена мел волчун а бакъо ю иза даа. 14 aИсраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дӀа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду. 15Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. 16Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тӀера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догӀу). 17Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а тӀера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дӀакъастийна ю. Церан цӀийн цинцаш кхерчана тӀетоха, ткъа мохь цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю. 18Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагӀа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гӀогӀ а хьуна кхачош ма-хиллара. 19Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало исраилхоша Суна сагӀина лерина дахьаш долу дерриг а совгӀаташ. Иза туьхана тӀехь чӀагӀбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тӀаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Copyright information for
CheCAC2012