aАрадаккхар 17:1-7.
Numbers 20:1-13
Кхадешехь хилларг
(Арадаккхар 17:1-7)
1Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира. 2 aЦигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла, 3Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! 4Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? 5ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» 6Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха. 7Везачу Эло Мусага элира: 8«Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». 9Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара. 10Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?» 11Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. 12Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац». 13Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.
Copyright information for
CheCAC2012