‏ Numbers 20:14-21

Эдоман паччахьо исраилхой чекх ца бовлуьйту

14Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. 15Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. 16Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. 17Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“».

18Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца».

19Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь».

20Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. 21Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.
Copyright information for CheCAC2012