Numbers 21:21-30
Сихьонна а, ӀовгӀана а тӀехь толам баккхар
(Карлабаьккхинарг 2:26–3:11)
21Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: 22«Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо». 23Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон. 24Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша. 25Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа. 26Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. 27Цундела боху илланчаша:«Хьешбон-гӀала гӀо,то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!
28 aСихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе
массанхьахула а чекхъелира.
Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала,
Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.
29Къа ду хьан, Муаби-мохк!
Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо!
Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти,
йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.
30Амма оха хӀаллакбина эмархой,
Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна,
Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц
бассийна церан мохк».
Copyright information for
CheCAC2012