Numbers 22:1-35
Балакха БалиӀамна тӀе геланчаш бахийтар
1Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт. 2Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана. 3Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх. 4Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх. 5 aБалакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь ▼▼Ӏамавхойн махкахь – я иштта: шен махкахь.
Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна. 6Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта». 7Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме. 8БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира. 9Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» – аьлла. 10БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху: 11„Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“». 12Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду». 13Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван». 14Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван». 15ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха. 16Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу. 17Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“». 18БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. 19Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу». 20Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь». 21Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира. БалиӀаман виркхела
22БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама. 23БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ. 24Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. 25Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира. 26Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла. 27Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира. 28Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?» 29БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!» 30Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», – аьлла. 31Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. 32Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна. 33Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра». 34БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву». 35ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.
Copyright information for
CheCAC2012