Numbers 22:1-6
Балакха БалиӀамна тӀе геланчаш бахийтар
1Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт. 2Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана. 3Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх. 4Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх. 5 aБалакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь ▼▼Ӏамавхойн махкахь – я иштта: шен махкахь.
Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна. 6Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта».
Copyright information for
CheCAC2012