Numbers 22:2-41
2Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана. 3Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх. 4Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх. 5 aБалакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь ▼▼Ӏамавхойн махкахь – я иштта: шен махкахь.
Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна. 6Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта». 7Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме. 8БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира. 9Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» – аьлла. 10БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху: 11„Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“». 12Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду». 13Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван». 14Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван». 15ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха. 16Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу. 17Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“». 18БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. 19Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу». 20Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь». 21Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира. БалиӀаман виркхела
22БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама. 23БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ. 24Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. 25Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира. 26Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла. 27Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира. 28Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?» 29БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!» 30Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», – аьлла. 31Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. 32Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна. 33Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра». 34БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву». 35ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.Балакх, БалиӀам
36Шена БалиӀам вогӀу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Ӏар-гӀали чу. 37Шена БалиӀам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тӀе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хӀунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгӀат далалур дацара ткъа соьга?» 38«Со хӀинца кхузахь ву-кх, – элира БалиӀама. – Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХӀунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дӀаала». 39Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиӀам. 40Балакха сагӀина лерина масех сту а, уьстагӀ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиӀамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.БалиӀама дуьххьара бина Делера хаам
ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.41 Numbers 23
1БалиӀама Балакхе элира: «Кхузахь сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечъяй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а балабе суна». 2Балакха кхочушдира БалиӀама шега де аьлларг. Балакха а, БалиӀама а сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀе цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина доккхура. 3БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара. 4Цига Дела веара БалиӀамна хьалха. «Аса сагӀа доккху ворхӀ меттиг кечйина, – элира БалиӀама, – царна хӀоранна тӀехь цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина лерина багийна ас». 5ТӀаккха Везачу Эло, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 6БалиӀам юхавирзича, Балакх хӀинца а дийнаташ дагоран сагӀа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а. 7Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра,муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира,
„Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна,
сардам боллахьа Исраилан халкъана!“– аьлла.
8Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна
аса муха кхайкхор ду неӀалт?
Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна
аса муха буллур бу сардам?
9Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ,
лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга.
И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду,
кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.
10Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ?
Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара?
Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а!
Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»
11Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?» 12БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»
БалиӀама шозлагӀа бина Делера хаам
13Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна». 14Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира. 15БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш». 16ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 17БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?» 18БалиӀама жоп делира: «Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга!ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!
19Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту.
Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу.
Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза?
Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20И халкъ декъалдар тӀедиллина суна.
Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац,
Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац.
Церан Веза Дела цаьрца ву!
Уьш баккхийберца кхойкхуш бу,
Иза шайн Паччахь хиларна.
22Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ,
бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.
23Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац,
Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац.
Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду,
Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“
24И халкъ стен лом санна дӀахӀутту,
шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а,
ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а
лом санна хьалагӀотту иза».
25Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де». 26БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»
БалиӀама кхозлагӀа бина Делера хаам
27ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!» 28Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам. 29«СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», – элира БалиӀама. Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.30 Numbers 24
1БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе. 3БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
4Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
5Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш!
Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!
6ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш,
хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш!
Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш!
Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!
7Церан чийлакаш ▼
▼Чийлик – иза ведар ду.
чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду,церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду.
АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь.
Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!
8Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ.
БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь.
Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо,
мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо,
шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.
9 dДижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ.
Хьан доккхур дара иза меттах?
Хьо декъалвийриг декъала ву,
ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»
10ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу. 11Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех». 12БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка: 13Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»
БалиӀама шега Делера тӀаьххьара хилла хаам дӀабовзийтар
14«ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». 15БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
16Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара,
Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
17Суна иза го, амма иза хӀинцца дац.
Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац.
Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах.
Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара.
Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю,
ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
18Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу,
шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду.
Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.
19Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо,
ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».
20Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь
Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду,
амма эххар а иза дакъазадер ду!»
21Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна.
Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.
22Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду,
Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»
23Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира: «ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?
24Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду.
Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь,
амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!»
25БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара.
Copyright information for
CheCAC2012