‏ Numbers 23:7-30

7Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра,
муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира,
„Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна,
сардам боллахьа Исраилан халкъана!“– аьлла.
8Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна
аса муха кхайкхор ду неӀалт?
Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна
аса муха буллур бу сардам?
9Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ,
лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга.
И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду,
кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.
10Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ?
Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара?
Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а!
Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»

11Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»

12БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»

БалиӀама шозлагӀа бина Делера хаам

13Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна». 14Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.

15БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш».

16ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 17БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?» 18БалиӀама жоп делира: «Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга!
ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!
19Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту.
Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу.
Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза?
Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20И халкъ декъалдар тӀедиллина суна.
Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац,
Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац.
Церан Веза Дела цаьрца ву!
Уьш баккхийберца кхойкхуш бу,
Иза шайн Паччахь хиларна.
22Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ,
бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.
23Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац,
Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац.
Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду,
Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“
24И халкъ стен лом санна дӀахӀутту,
шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а,
ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а
лом санна хьалагӀотту иза».

25Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де».

26БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»

БалиӀама кхозлагӀа бина Делера хаам

27ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!» 28Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам. 29«СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», – элира БалиӀама. Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.30

‏ Numbers 24:1-9

1БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе. 3БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,
сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
4Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
5Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш!
Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!
6ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш,
хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш!
Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш!
Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!
7Церан чийлакаш
Чийлик – иза ведар ду.
чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду,
церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду.
АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь.
Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!
8Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ.
БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь.
Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо,
мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо,
шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.
9 bДижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ.
Хьан доккхур дара иза меттах?
Хьо декъалвийриг декъала ву,
ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»
Copyright information for CheCAC2012