‏ Numbers 25:1-3

Исраилхоша Шитим-меттехь цӀушна Ӏамалъяр

1Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. 2Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора. 3Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана.
Copyright information for CheCAC2012