‏ Numbers 25:1-9

Исраилхоша Шитим-меттехь цӀушна Ӏамалъяр

1Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. 2Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора. 3Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана. 4Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду». 5Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хӀораммо а шайна юкъара БаӀал-ПаӀор-цӀунна Ӏамал ян буьйлабелларш байа».

6Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. 7Шена и дерриг а гича, динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. 8Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. 9Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.
Copyright information for CheCAC2012