Numbers 26:1-51
Исраилан халкъ шозлагӀа дагардар
1 aУн кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе». 3Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира: 4«Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве». Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара: 5Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, 6Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. 7Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730). 8Палун кӀант вара Элиаб. 9Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. 10Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах. 11Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира. 12ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой. 13Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой. 14Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200). 15Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой, 16Озних – ознихой, Ӏерах – Ӏерихой, 17Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой. 18Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500). 19Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера. 20ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой. 21Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой. 22Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500). 23Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех – пувахой, 24Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой. 25Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300). 26Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой. 27Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500). 28Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара. 29Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой. 30ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, 31Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, 32ШамидаӀах – шамидаӀхой, Хьепарах – хьепархой. 33Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 34Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700). 35Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой. 36Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой. 37Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца. 38Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, 39Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. 40БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах – наӀаманхой. 41Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600). 42Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара. 43Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400). 44Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериӀах – бериӀхой. 45БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой. 46Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь. 47Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400). 48Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой, 49Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой. 50Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400). 51Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).
Copyright information for
CheCAC2012