Numbers 26:52-56
52 aВезачу Эло Мусага элира: 53«ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина. 54Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта. 55Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. 56Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».
Copyright information for
CheCAC2012