‏ Numbers 27:12-14

Мусана тӀаьхьа ЮшаӀ дӀахӀоттар

(Карлабаьккхинарг 31:1-8)

12 aВезачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. 13Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара, 14хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
Copyright information for CheCAC2012