Numbers 28:1-8
ХӀора дийнахь доху сагӀанаш
(Арадаккхар 29:38-46)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. 3Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар. 4Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг – суьйранна. 5ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама. 6Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 7Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза. 8Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».
Copyright information for
CheCAC2012