Numbers 28
ХӀора дийнахь доху сагӀанаш
(Арадаккхар 29:38-46)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. 3Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар. 4Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг – суьйранна. 5ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама. 6Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 7Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза. 8Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».Шоьтан дийнахь доху сагӀанаш
9«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а. 10ХӀора дийнахь доккхучу сагӀина а, цуьнца догӀучу чагӀаран сагӀина а тӀетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагӀа ду иза».Бутт цӀинлучу хенахь доху дагоран сагӀанаш
11«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар. 12ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама. 13Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 14ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь. 15Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».Пасахьан дезачу дийнахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:5-14)
16 a«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. 17 bТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. 18Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 19ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. 20Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 21ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 22Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 23ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш. 24Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш. 25Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».Ялта чудерзоран дезачу денна лерина доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:15-22)
26 c«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 27Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. 28Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, 29ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а. 30Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 31Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза». Numbers 29
Локхучу маӀийн деза де
(Ӏамалъяр 23:23-25)
1«ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна. 2Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 3Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 4ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама. 5Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама. 6Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».Къинош дӀадахаран дийнахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:26-32)
7 d«Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. 8Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 9Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 10Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама. 11Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша».Кхалорийн дезачу деношкахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:33-44)
12 e«ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша. 13Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 14Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама, 15бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 16Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш. 17ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 18СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара. 19Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 20КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 21Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара. 22Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 23ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 24Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. 25Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 26ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 27Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. 28Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 29ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 30Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина. 31Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 32ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 33Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. 34Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. 35БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 36Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 37Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. 38Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш».39
Copyright information for
CheCAC2012