Numbers 28:17-25
17 aТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. 18Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 19ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. 20Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 21ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 22Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 23ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш. 24Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш. 25Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».
Copyright information for
CheCAC2012