Numbers 28:26-31
Ялта чудерзоран дезачу денна лерина доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:15-22)
26 a«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 27Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. 28Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, 29ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а. 30Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 31Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».
Copyright information for
CheCAC2012