Numbers 32:20-32
20Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, 21нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, 22нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. 23Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду! 24Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде». 25Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг. 26Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду. 27Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву». 28 aМусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. 29Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тӀамана кийча волу хӀорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола. 30Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош». 31Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. 32Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012