Numbers 32:28-32
28 aМусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. 29Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тӀамана кийча волу хӀорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола. 30Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош». 31Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. 32Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012