Numbers 35:1-8
Левихошна дӀаяла билгалъяьхна гӀаланаш
1 aИсраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина уллохула догӀучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тӀехь йолчу гӀаланех цхьаерш левихошна дӀаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гӀаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дӀадала деза цара. 3Иштта, левихойн долахь гӀаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. 4ГӀаланашна гонахара, аша левихошна дӀадала деза дежийлаш, гӀаланийн пенашна тӀера дӀадуьстича, массо а агӀор цхьацца эзар дол хила деза. 5ГӀаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дӀадуста, ткъа гӀаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гӀаланашна гонах долу дежийлаш. 6Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна. 7Аша левихошна дӀаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархӀ гӀала. 8Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».
Copyright information for
CheCAC2012