Numbers 6:13-21
13 aШен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хӀоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина, 14Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагӀина цо бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Ӏахар. Къинан сагӀина а бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагӀина бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу ка. 15Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш а. 16Динан дас и ерриге а хӀума Везачу Элана уллояхьар ю, цул тӀаьхьа къинан сагӀа а, дагоран сагӀа а доккхур ду. 17ТӀаккха совсазчу бедах дина бепиг чохь долу тускар а схьадахьар ду Везачу Элана лерина. Цуьнца цхьаьна ка а бахьар бу бертан сагӀина. Цунна доггӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀа а доккхур ду. 18Гуламан четарна чуволлучохь Везачу Элана лерина йитина йолу месаш дӀа а йохуш, корта дӀабаша беза цо. Бертан сагӀина кӀелахь йолчу цӀерана тӀе йохкур ю и месаш. 19Ша назархо хиларан билгало еш хилла йолу месаш дӀа а яьхна, цу стага шен корта дӀабаьшча, динан дас коьман кхехкийна тӀа цуьнан кара лур ду. Цул тӀаьхьа тускар чуьра цхьацца совсаза бепиг а, буткъа хьокхам а лур бу. 20И ерриг хӀума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагӀа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гӀогӀ а иштта динан дена догӀу. Цул тӀаьхьа цу назархочо чагӀар мала мегар ду. 21Иштта бу назархочунна богӀу товрат-хьехам. Ша назархо хиларна догӀу сагӀанаш даьхна а ца Ӏаш, шен таро елахь, цо Везачу Элана кхин сагӀанаш дахаран нигат дан а тарло. Ша нигат дарца чӀагӀо еш ма-хиллара, назархочун товрат-хьехаме хьаьжжина, иза кхочушдан деза цо“».
Copyright information for
CheCAC2012