a Арадаккхар 12:1-13.
Numbers 9:1-5
ШозлагӀа Пасахь
1 aИсраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 2«Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. 3Цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, оцу гӀуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тӀедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». 4Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. 5Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша.
Copyright information for
CheCAC2012