‏ Numbers 9:15-23

Некъ гойтуш йолу марха

(Арадаккхар 40:34-38)

15 Делан четар дӀахӀоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тӀе марха хӀоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тӀехула йолу марха цӀе санна гуш яра. 16Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тӀехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цӀе санна хуьлура. 17Четарна тӀера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дӀахӀоттабора. 18Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тӀехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. 19Нагахь марха четарна тӀехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидӀа новкъа ца бовлура. 20Наггахь и марха четарна тӀехь сецна кӀеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кӀезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. 21Наггахь, сарахь тӀе а хӀуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Ӏуьйре тӀееача, марха хьалаайалора, тӀаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. 22Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. 23Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.
Copyright information for CheCAC2012