Obadiah 1-14
Эдоман халкъан бехк
1Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга,тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра:
«ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» – аьлла.
2«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох,
цундела хьо лорур дац цара.
3Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна.
Хьо дехаш ду лекхачу меттехь,
тархийн хераллашкахь.
Ахьа хьайн дагахь боху:
„Мила вара со лаьтта доссо?“
4Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла,
седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а,
Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.
5«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш?
Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш?
Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара.
Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича,
цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?
6Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! ▼
▼Ӏесав – исраилхой Якъубах схьабевллера, ткъа эдомхойн да волу Ӏесав Якъубан ваша вара.
Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!
7Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду.
Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду.
Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду.
Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»
Эдомана таӀзар даран бахьанаш
8«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна.Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу,
церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. –
9Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу,
ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».
10«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна,
шуна тӀе эхь дуссур ду,
шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.
11Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь,
кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла,
Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь,
шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.
12Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне,
церан аьтто боьхначу дийне.
Шу даккхийден ца дезара
яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь,
аша дозаллаш дан ца дезара
церан бохаман дийнахь.
13Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула
цуьнан ирс дайначу дийнахь.
Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь.
Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.
14Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь
латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама,
дийна биснарш дӀабала а ца безара аша
оцу баланечу дийнахь.
Copyright information for
CheCAC2012