‏ Philippians 4:15-18

15Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра. 16 a bАша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера. 17Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас. 18 cХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.
Copyright information for CheCAC2012