Psalms 104:1-15
Дела а, Цуьнан къам а
(1 Шерашкахь 16:8-22)
1 ▼▼ Корта 104 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 105.
Баркалла ала Везачу Элана!Цуьнан цӀарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
2Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
3Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
4Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
5Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
6ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш,
Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.
7Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
8Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
9 bИбрахӀимца Цо бина болу барт,
Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.
10 cЦо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,
Исраилана ▼
▼Исраил – и ву Якъуб.
– гуттаренна а болу барт санна.11Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
12Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
13Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
14 eДала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
15«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
Copyright information for
CheCAC2012