Psalms 56:8-12
8Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза:ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна.
9ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа!
Самабала, мерз-пондар!
ГӀатта, Ӏад хьокху пондар!
Малх самабоккхур бу ас.
10Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву,
Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
11Стигала кхаччалц бу Хьан безам,
мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
12Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
Copyright information for
CheCAC2012