Revelation of John 1:13-15
13 aТкъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. 14 b cЦуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна. 15 dЦуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин ▼▼Чухчари – лакхара охьадогӀу дуккха а долу хи.
гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.
Copyright information for
CheCAC2012