‏ Revelation of John 13:5-7

5 aКура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна. 6Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо. 7 bЦунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.
Copyright information for CheCAC2012