‏ Revelation of John 14:14-16

Лаьттахь ялта хьокху хан тӀеяр

14 aСо дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. 15 bДелан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».

16ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.
Copyright information for CheCAC2012