Revelation of John 18:11-19
11 aОцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц. 12 bУьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а, 13хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш. 14Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан». 15 cИ массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш, 16цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала!Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а
кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь.
Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а,
жовхӀаршца а
кечйора хьо.
17 dЦхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!»
Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира. 18 eЦара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!» 19 fТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала!
ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара
оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира.
Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».
Copyright information for
CheCAC2012