Revelation of John 20:4
4 aЦул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Copyright information for
CheCAC2012