‏ Revelation of John 21:18-21

18И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. 19ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг – саппир олучу, кхоалгӀаниг – халкидон, боьалгӀаниг – изумруд, 20пхоьалгӀаниг – сардоникс, йолхалгӀаниг – сардис, ворхӀалгӀаниг – хризолит, борхӀалгӀаниг – вирил, уьссалгӀаниг – топаз, уьтталгӀаниг – хризопрас, цхьайтталгӀаниг – яцинт, шийтталгӀаниг – аметист олучу дезачу тӀулгех бинера. 21ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
Copyright information for CheCAC2012