Romans 7:15-23
15 aСо ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. 16Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса. 17Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. 18Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. 19Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. 20Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх. 21Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. 22Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо. 23Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох.
Copyright information for
CheCAC2012