Titus 1:6-9
6 aИшттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала. 7Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. 8Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. 9Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
Copyright information for
CheCAC2012