‏ Zechariah 4:6-9

6 aСоьга жоп а луш, цо элира
Цо элира – йолхалгӀачу аята тӀера уьтталгӀачу аятан хьалхарчу декъе кхаччалц аяташкахь дуьйцуш дерг коьртачу къамелана юкъадалийна ду.
: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. –
7Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“».

8Соьга Везачу Элан дош кхечира: 9«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла.
Copyright information for CheCAC2012