‏ Zechariah 9:1-4

Исраилан халкъ а, кхин къаьмнаш а

Гонахарчу халкъашна тӀехь кхелъяр

1 aХӀара хаам Везачу Элера бу:

ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу
Я иштта: Исраилан массо а тайпанийн санна, массо а адамийн бӀаьргаш Везачу Элана тӀебирзина бу.
.
2Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а. 3Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. 4Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю.
Copyright information for CheCAC2012