‏ Zechariah 9:2-4

2Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а. 3Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. 4Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю.
Copyright information for CheCAC2012