‏ Zephaniah 2:13-15

13 aШен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. 14Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду. 15Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Copyright information for CheCAC2012